Этнографически диктант - «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъан»

28.02.2019

Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а Министерствон региональни этнографически диктант д1аяхьаран омрица Нохчийн матте болу безам а, цуьнан вайн дахарехь лелар совдаккха а Нохчийн Республикин бахархойн ненан маттах долу хаарш алсам дахан йолу 1алашонца

2019 шеран чиллан беттан 28 дийнахь, Коьран-Бенан юкъара дешаран ишколехь д1аяьхьира Мамакаев Iаьрбин дахарх а, кхоллараллах лаьцна «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъан» ц1е йолу региональни этнографически диктант.